Футболах ловзуш Россехь хьалхеяккхаран
чемпионатана кечамбеш,
Соьлжа-ГIалара «Терек» доттагIаллин матчехь
цхьаьнакхийтира Серберчу Белград гIаларчу
«Партизан» командица.
ДIадаханчу мукъачу деношкахь соьлжагIалахой левзина команда Сербин чемпионатехь уггаре а тоьллачех цхьаъ ю. «Партизан» ткъе пхоьазза мехкан чемпион ю, иштта шуьйттазза Сербин Кубок а яьккхина цо.
Ловзаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» дIадолийра шен кхераме тIелатарш. Сахьтан цхьамза шозза гуотаса кхиале. счет схьаелла герга вара вайн тIелатархо Мбенгуе Аблай. Амма иза шен Iалашоне ца кхачавелира. Цул тIаьхьа Айссати Исмаилан таро яра гол тохарца билгалвала. Бакъду, «хьешийн» вратаро халла схьалецира буьрка. Хьалхарчу таймехь соьлжагIалахоша шайн гIуданан майданара схьа ца бовлуьйтура «Партизанан» футболисташ. СоьлжагIалахоша наггахь бен буьрка а ца кхочуьйтура цаьрга. Иштта садаIа баха иттех минот йисинчу хенахь Кузяев Далеран аьтто бара счет схьаелла. Цо генара тоьхна буьрка кевна чу яхна аьлла хеттачу хенахь юха а вратара юхатуьйхира. «Хьешийн» вратаран дика ловзаро Сербера команда мел кIезиг а кхузза буьрка тохарх к1елхьараяьккхира. Иштта, серлонан табло тIехь догуш 0:0 долуш, садаIа бахара футболисташ. СадаьIначул тIаьхьа майданара сурт кхин хийца ца делира. Соьлжа-ГIалара «Терек» дикка гIолехь ловзура Белградерчу «Партизан» командел.
ШолгIа тайм йолаелла дукха хан ялале суьдхочо вайн республикин коьртачу командин кевна пенальти тоха бакъо елира. И пенальти атта чу туьйхира «хьешийн» тIелатархочо. Цул тIаьхьа а соьлжагIалахой дикка гIолехь ловзура, амма буьрка тохарца билгал ца бовлабелира. Иштта, жамI 0:1 долуш, ийшира вайн команда.
Керлачу чемпионатан хьалхарчу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» 18-чу июлехь цхьаьнакхетар ю Дона-тIера- Ростоверчу «Ростов» командица.
А.АБДУЛАЕВ
№76, 09 июль, 2015 шо