
Дийно-дийно кхуьуш, шорлуш йогӀуш йу йарташ.
ЧӀуьлга-Йурт а, кхеташ ма-хиллара, церан могӀарехь йу.
Цунна тӀе а доьгӀна, меттигерчу бахархошна хица кхачойаран декъехь дӀахьош белхаш бу — 40 км йохаллехь хин биргӀанаш йу цигахь йохкуш.
Цул сов, дийнахь 7 эзар м³ хикечдаран станцеш тойарна тӀехь а къахьоьгуш бу белхалой.
И белхаш «Стимул» программин гурашкахь дӀахьош хилар хоуьйту Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.