
Нохчийчохь а, Кавказехь а, Россехь а, дуьненахь а цӀейаххана устаз а, шайх а хилла Кишин воӀ Кунта-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 211 шо кхаьчна тахана.
Оцу хьокъехь ша динчу кхайкхаман костехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина хӀара де нохчийн халкъан историн маьӀнечу денойх цхьаъ хилар.
Иштта, цуьнан мурдаш, миллионашкахь а болуш, Нохчийчохь а, Россехь а, иттаннаш мехкашкахь а бехаш хиларна тӀе тидам а бахийтина нохчийн Мехк-Дас.
«Шайхан цӀарах эвла, дуккха а урамаш, маьждигаш ду нохчийн махкахь. Цул сов, цуьнан цӀарах Россин Исламан университет а йу Соьлжа-ГӀалахь. Шайх дагалацаран дийнахь сагӀанаш а доху, мовладаш а доьшу махкарчу кӀошташкахь«, — йаздина Кадыров Рамзана.
Делан цӀе а, Ислам-дин а айъаран, йаржоран балхана ваьцначу Кишин воӀан Кунта-Хьаьжин цӀе халкъан иэсехь даима а йехарг хиларх ша тешаш хилар а хаийтина цо.