«Соьлжа-ГӀала — Несаре» аьчканекъ меттахӀотторан гӀуллакх йуха а айъина

Йуха а айъина «Соьлжа-ГӀала — Несаре» аьчканекъ меттахӀотторан гӀуллакх.

Цунна лерина цхьаьнакхетар Дона-тӀерачу-Ростовехь дӀадаьхьна.

Цигахь цхьаьнакхетта Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министр Черхигов Рамзан а, Къилбаседе-Кавказан аьчканекъийн хьаькам Задорин Сергей а.

Оцу некъан хьокъехь дуьйцуш, Черхигов Рамзана хаийтина иза меттахӀотторца цхьаьна пассажираш дӀасабигаран а, сурсаташ дӀасадахьаран а хан 4-5 сахьт йацлург хилар.

Задорин Сергейс, Нохчийн Республикина маьӀне долу и гӀуллакх «РЖД» компанин куьйгалле ша дӀакхачор ду аьлла, чӀагӀо йина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: