
Нохчийн электронни ишколан (desharkho.ru) порталах пайдаэцар дийно-дийно даьржаш ду.
Иза билгалдолу цу тӀехь дӀайазлуш болу дешархой а, хьехархой а, ишколаш а гича:
- 514 ишкол;
- 19 430 хьехархо;
- 71 631 дешархо.
Нохчийн меттан а, литературин а онлайн-дарсаш дӀадахьарна леринчу оцу порталехь, хьехархошна а, дешархошна а лерина дáкъош хилла ца Ӏаш, дай-наношна лерина дáкъа а ду.
Цуьнан гӀоьнца церан аьтто бу шайн доьзалхойн кхиарш довза а, ган а.