
Экономикин кхиаран рейтингехь лидер йаьлла Нохчийн Республика.
Екатеринбургехь дӀабаьхьначу промышленностан «Иннопром-2023» гайтаман гурашкахь билгалдаьлла иза.
Цигахь, коьртехь Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш, Нохчийн Республикин векалша а дакъалецира.
Даханчу шеран жамӀашца а догӀуш, «Регионан экономикин кхиар» декъехь толам баьккхинчу вайн республикина совгӀат Россин Федерацин вице-премьера — Промышленностан а, махлелоран а министра Мантуров Дениса делира.