160 км сов инженерин сеташ цӀинйеш йу Гуьмсан кӀоштахь

ХӀусамийн-коммунальни бахаман сеташ а, инженерин коммуникацеш а цӀинйаран декъехь боккха болх дӀахьош бу Гуьмсан кӀоштахь.

И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима а, Гуьмсан кӀоштан префекта Магамадов Хьамзата а.

Цхьаьнакхетарехь тӀе тидам бахийтина ма-хиллара, къаьсттинчу тергонехь латтош бу хица кхачойаран болх.

Масала, тайп-тайпанчу программех пайда а оьцуш, оцу кӀоштахь дӀахьош иштта белхаш бу: — 160 км сов инженерин сеташ цӀинйар; — хикечдаран 2 станци цӀинйар; — хигулдаран 2 комплекс цӀинйар; и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: