Литературин рузма

Шамсудинов Бувайсар, поэт, вина 1972-чу шеран июль беттан 6-чу дийнахь Шелахь. Дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. 90-чу шерийн юьххьехь «Даймохк» газетан корректор волуш дIаболабо къинхьегаман некъ. Тахана оцу газетан коьрта редактор ву.

Яздан волавелла школехь волуш дуьйна. Стихаш зорбане йийлина республикин газеташкахь, ткъа иштта «Орга», «Вайнах», «Нана», «Российский колокол» (Москва), «Дон» (Дона-тIера-Ростов) журналашкахь, юкъарчу гуларшкахь, «Сан метта ерзалахь цIа» стихийн гуларан автор.

 

Кагерманов Докка,  журналист, поэт, вина 1933-чу шеран июль беттан 9-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойт1ахь.

1957-чу шарахь  дуьйна, 1998-чу шарахь ша пенсе  валлалц, «Даймохк» газетехь хьанал къахьийгира цо (корректор, литературни белхахо, корреспондент, жоьпаллин секретаран заместитель).

Докка вевза берийн яздархо санна а. 1970-чу шарахь араелира цуьнан «Лаьмнашкахь бIаьсте» стихийн гулар. Ешархоша иштта дика тIеийцира «БIаьстенан беш» (1976 шо), «Iимран а, цуьнан доттагIий а» (1986 шо) дийцарийн гуларш а. Цул сов, Д.Кагермановн говзарш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а («Хьалхара гIулчаш», «Къоначийн аьзнаш», «Iуьйренан аьзнаш»), «Орга», «СтелаIад» журналашкахь а.

 

Кацаев Сайд-Хьасан, яздархо, вина 1966-чу шеран июль беттан 11-чу дийнахь Курчалойн-Эвлахь. Дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь.

Белхаш бина дешаран а, Iилманан а учрежденешкахь, хаамийн гIирсашкахь. 2004-чу шарахь дуьйна «Машар» (Курчалойн район) газетан коьрта редактор ву.

1988-чу шарахь дуьйна «Даймохк» газетехь, «Орга» журналехь зорбане дуьйлу цуьнан дийцарш. «Iаьнан суьйре» (1997), «Яздархочун школа» (1998), «Молла Несартах дийцарш» (2004), «Во тьме» (оьрсийн маттахь, 2005) книгийн автор. 2013-чу шарахь араяьлла яздархочун хаьржинчу белхийн хьалхара том.

№76, 09 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: