
Кеста арахоьцур йу 1 томах лаьтташ йолу Нохчийн меттан орфографин дошам.
И болх чаккхене берзош бу меттан говзанчаша.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Дааев Хож-Баудин а, Нохчийн меттан институтан директоран Овхадов Мусан а хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.
Цигахь тӀе тидам бахийтина ма-хиллара, 10 томах лаьттачу Нохчийн меттан орфографин дошаман буха тӀехь кечйеш йу 1 томах лаьтташ йолу дошам а.
Хьехархошна а, студенташна а, дешархошна а, журналисташна а, йаздархошна а, меттан говзанчашна а шех пайдаэцар атта а долуш хир йу иза.