
Итон-Кхаьллан кӀоштан 100 шо кхачарна лерина даздарш дӀадаьхьна тахана.
Церан могӀарехь дара Махаев Ӏеласолта-Хьаьжин цӀарах хьуьжар Итон-Кхаьллахь схьайеллар а.
2 гӀатт а долуш, 100 гергга меттигна лерина иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах йина йу.
Керла хьуьжар схьайелларехь дакъалецира Къилбаседе Кавказерчу Ӏеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас, Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима, мехкан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, кӀоштан префекта Бурсагов ИбрахӀима, кхечара.