
Москван областан Котельники гӀаларчу ламазан хӀусамехь йаьхна видеош йаржа йолийча дуьйна, Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, и гӀуллакх толлуш ду Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.
«Бакъонаш ларйаран органийн белхахоша лелийнарг, шайгахь говзалла цахилар цара гайтар — и дерриге а питана лору ас«, — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Цо тӀе тидам ма-бахийттара, къаьмнашна йукъара барт бохоран Ӏалашонца йаьккхина гӀулч йу иза.
И гӀуллакх талларан гурашкахь Москван областан губернаторца а, Россин Президентан чоьхьарчу политикин урхаллин хьаькамца а къамел хилла Делимханов Адаман.
Ламазаш дечаьрца аьрха а, лараман хьаса боцуш а лелар дай хӀума санна тӀеоьцур долуш цхьа а цахилар хаийтина Кадыров Рамзана.
«Россехь бакъонаш ларйаран белхахо цхьабосса хила везаш ву тайп-тайпанчу динийн а, къаьмнийн а векалшца. Ша дуьйцучунна ойла йеш а хила веза иза. Иштта, питанех ларлуш а хила веза иза, ша уьш даржош а ца лелаш«, — тӀетоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.