
4G лехаман мобилан зӀе тосур йолу кегий йарташ къасторан кхажтасар оршот-дийнахь дуьйна дӀадолош ду.
Цигахь дакъалоцуш хир йу 100-500 бахархой болу йарташ.
Кхажтасарехь толамаш баьхначу кӀотаршка а, йарташка а 4G лехаман мобилан зӀе 2024-чу шарахь кхочур йу.
1) Онлайн-кхажтасар «Госуслуги» портала тӀехь дӀахьур ду (13.08.2023 кхаччалц);
2) Офлайн-кхажтасарехь кехаташ хӀокху адресца схьаоьцур ду — 123112, Москва, Пресненская набережная ур., 10-гӀа цӀа, 2-гӀа гӀишло (10.09.2023 кхаччалц).
Оцу белхан жамӀаш карарчу шеран гӀуран беттан 18-чохь довзуьйтур ду «Госуслуги» портала тӀехь.