
Лаьмнашкарчу Итон-Кхаьллан кӀоштан 100 шо кхачарна лерина даздарш дӀадаьхьна тахана.
Дукхапетарийн хӀусамийн «Итон-Сити» комплекс йаран коьрта белхаш дӀаболор а дара церан могӀарехь.
ТӀедогӀучу шеран чаккхенехь схьайелла леринчу оцу комплексехь 250 петар а, садаӀаран а, ловзаран а майданаш а хир йу.
Цул сов, кӀоштан векалша билгалдаккхарехь, комплексана герггахь ишкол йар а ду Ӏалашонехь.
ГӀишлошйаран майданахь хилира Къилбаседе Кавказерчу Ӏеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим, мехкан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, кӀоштан префект Бурсагов ИбрахӀим, кхиберш.