Исламан цхьаьнагӀуллакхдаран организацехь РФ-н векал Даудов Турко хир ву

Исламан цхьаьнагӀуллакхдаран организацехь Россин Федерацин векал Даудов Турко хир ву хӀинца дуьйна.

Иштта сацам бина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.

Оцу хьокъехь долу цуьнан Указ (№524 / 17.07.23) зорбатоьхна Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru порталехь.

ХӀинццалц Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан векал а волуш къахьегна ву Даудов Турко.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: