Р.Кадыров: Азовхой кхин йийсаре лаца гӀерташ хир бац вайн кӀентий

Туркойчоьно Украине йухаберзийнчу нацистийн «Азов»* батальонан буьйранчийн хьокъехь дуьйцуш, шолгӀа а йийсаре бахка церан аьтто хирг цахилар хаийтина Кадыров Рамзана.

«Россин Федерацина дуьхьал герз а айъина, цара шаьш къастийна шайна кхел«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Telegram чуьрчу шен каналехь.

Иштта, цо билгал ма-даккхара, кхин уьш йийсаре лаца гӀерташ хир бац вайн кӀентий а, Россин кхиболу салтий а.

* терроризмана тоба а лерина, Россехь магийна йац и батальон

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: