«Данон Россия» йукъараллин коьртачу директоран дарже Закриев ИбрахӀим хӀоттийна

«Росимущество» агентствон урхалле йеллачу «Данон Россия» йукъараллин коьртачу директоран дарже Нохчийн Республикин вице-премьер — Йуьртан бахаман министр Закриев ИбрахӀим хӀоттийна.

Цуьнан гӀовс лаьттина Алисултанов Руслан хӀоттийна оццу йукъараллин Директорийн кхеташонан куьйгалле.

Карарчу беттан 16-чохь, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца а догӀуш, «Danone» компанин Россехь йолу бизнес «Росимуществон» урхалле йаьккхина хилар дагадоуьйту.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: