
Мухьаррам бутт тӀе а кхочуш, 1445-гӀа шо доладелла бусалбанийн рузманехь.
Цуьнца а догӀуш, нохчийн къам а, дуьне ма-дду болу бусалбанаш а декъалбина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Ислам-динан мехаллаш а, динан цӀеналла а Ӏалашйаран лаамца вайн элча Мухьаммад ﷺ Маккара Мадинате дӀакхалхарца доьзна ду иза«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Иштта, шен декъалдаран костехь цо билгал ма-даккхара, бусалбанаш вовшашца лараме, гӀиллакхе хила безаш бу, цомгашчеран, буоберийн хьашташ кхочуш а деш.
Цул сов, бусалбанийн хӀора а доьзалехь ирс, беркат, машар хилар шена лууш хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.
«Далла Ӏамалш а, Ӏибадат а дан кхин а аьтто лойла вайна керлачу шаро«, — тӀетоьхна цо.