
Соьлжа-ГӀалин кӀоштарчу Дай-Аре эвлахь керла, битаме хьуьжар йаран белхаш дӀаболор бу хӀокху деношкахь.
И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин а, Соьлжа-ГӀалин кӀоштан префектан Абазов Рустаман а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Динан Ӏилма Ӏаморан и гӀишло а, цуьнан ков-керт а даран, гуонахара майда тойаран белхаш дӀабахьар шена тӀелаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.