Шахматхой шайн денца декъалбина Кадыров Рамзана

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр — Нохчийн Республикин Шахматийн федерацин президент Дудаев Ахьмад а, шахматийн спортхой а декъалбина Кадыров Рамзана Шахматийн дуьненайукъарчу денца.

Цо билгал ма-даккхара, шира, башха ларалуш ду шахматашца доьзна спортан дáкъа.

Иштта, тахана, воккха-жима аьлла болу къестамаш а боцуш, оцу спортах ловзуш а, цунах пайдаоьцуш а дуккха а нах хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

«Нохчийн Республикехь къона шахматхой кхиорехь оьшуш мел долу гӀуллакхаш кхочушдийр ду вай. Дуьненайукъарчу турнирашкахь цара дакъалоцур ду республикин а, мехкан а цӀарах. И болх кхочушбан ницкъ а, аьтто а болуш бу«, — хаийтина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: