Орга – 3–4

Снимок

Нохчийн амалехь,

Оьздачу аматех

Ю хьо кхоьллина, вайнехан йоI.

ГIиллакх хаздина,

Шен сий лардина,

Тешаме хилла вайнехан йоI.

Зударийн дуьненаюкъарчу денца вайн наной, йижарий декъалбеш, къоначу поэтессин Арсалиева Любин ишттачу дешнаша схьайоьллу «Орга» журналан рогIера номер (3–4 ши номер цхьаьна).

«Дезачу денца, зударий» рубрикехь  дешархойн аьтто бу Эльдиева Маретан, Джабраилова Лайлаан, Арсалиева Любин, Петирова ПетIаматан, Халикова Асетан, Аткаева Луизин, Исраилова Луизин байташ еша.

ХIокху номерехь мехала меттиг дIалоцу Нохчийн меттан денна леринчу статьяша. Уьш ю: Сулаев Мохьмадан «Нохчийн мотт шорлуш богIу», Сумбулатов Денин «Нохчийн мотт толлуш, хьоьхуш бу», Бергоева Айзанан «Нохчийн маттах дош», Амаев Юсупан «Нохчийн меттан хенара «азхьаьрк» меттаIилманан коьрта категори ю» статьяш.

Иштта, хIора шарахь вайн республикехь дIахьош йолчу Пресс-эстафетина (рогIераниг – «Нохчийн Республика – ДоттагIаллин цIа») лерина  материалаш ю журналехь. Кхузахь аьтто бу гIумкийн къомах лаьцна деша. «Къилбаседа Кавказехь туркойн къаьмнех (кхарачой, балкхарой, ногIий, гIумкий) уггаре а доккханиг гIумкийн къам ду. Дагестанерчу къаьмнашлахь кхоалгIачу меттехь ду иза шен дукхаллица. Шира истори йолуш бу гIумкий. Iилманчаша чIагIдарехь, гIумкийн къам кхолладаларехь коьрта дакъалаьцна туркойн меттанаш дуьйцучу тайпанаша…» яздо гIумкийн къомах лаьцна хIокху номеран агIонаш тIехь.

«Сийлахьчу Толаман  70 шо кхачарна» рубрикехь Чалаев Билала шен «Слава» орденан вуьззина кавалер» статьяхь вовзуьйту  «Слава» орденан вуьззина кавалер Энгиноев Дуда. Оццу рубрикехь йолчу  «Мехкан а, халкъан а турпалхо» статьяхь Мамакаев Эдуарда дуьйцу гоьваьллачу тIеман баьччех, Советски Союзан Турпалхочух.  дошлойн полкан командирах Висаитов Мовлидах лаьцна.

Исбаьхьаллин литература езачарна лерина ю «Проза» рубрика.  Кхузахь  деша аьтто бу Бексултанов Мусан «Сан дато гIаргIули…», Ахматукаев Адаман «Шиша», Айдамирова Машаран «Йилбазмаьхьаро жоп делчахь…», Тапалаева Аминатан «Дагахьбалламаш», Расумов Вахин «Банкомат» дийцарш.

«Критика а, библиографи а» рубрикехь Бурчаев Хьаьлиман «Терко юкъ йостучохь кхоллаелла ойланаш» статьяхь Бухадиев Мусан кхоллараллах дуьйцу.

«Керла цIерш» рубрикехь вайна евзар ю Тимбулатов Мовсаран байташ а, иштта Цагараев Халидан «Акростихаш» а.

 

Л.ИБРАГИМОВА

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: