Нохчийн поэзина а, кхоллараллина а лерина суьйре — ДАЙМЕХКАН АЗ

Пачхьенерчу М.Эсамбаевн бульварехь тахана сарахь дӀайаьхьна нохчийн поэзин а, кхоллараллин а суьйре — ДАЙМЕХКАН АЗ.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхочуш хиларна а, Нохчийн меттан шарна а лерина йара иза.

И беркате, мехала суьйре вовшахтоьхнера НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, къоман «Даймохк» газето, НР-н Йаздархойн союзо.

Къоначу поэташа шайн байташ а йоьшуш, Нохчийн пачхьалкхан филармонин илланчаша иллеш а олуш, нохчийн мотт а, нохчийн мохк а хестош дӀайаьхьира и суьйре.

Иштта, Нохчийн меттан шо дӀакхайкхоран а, къоман мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъехь цхьамогӀа гӀуллакхаш а деш, маьӀне къоман политика дӀахьочу Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а элира цигахь гулбеллачара.

Цул сов, мотт а, цуьнца цхьаьна, къоман гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а, ламасташ а Ӏалашдар декхар долуш хӀора а нохчи хиларх а дийцира цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: