
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан могаш а ву, республикера хьал тергонехь латтош а ву.
«Грозный» НПТРК-н эфирерчу «Особый разговор» программехь дакъалоцуш хиллачу Дудаев Ахьмада бина оцу хьокъехь хаам.
«Белхан гӀуллакхех садоӀуш хилча а сема ву Мехк-Да — шен тергонехь латтадо цо махкара политикин хьал, дуьне ма-дду болчу нохчашца а, тӀеман лерринчу операцица а доьзнарш, и.д.кх.а«, — хаийтина Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра.
Цо билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна уллехь къахьега йиш хилар дозалла ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь къахьоьгучарна.