«Ингалсан гӀала» битамечу куьце йалоран белхаш дӀаболийна пачхьенехь

Соьлжа-ГӀалара «Ингалсан гӀала» битамечу куьце йалоран белхаш дӀаболийна.

Цуьнца цхьаьна, цунна гуонахара майда а йу дӀацӀанйеш, тойеш.

«Ингалсан гӀалахь» дӀахьочу белхашка а хьожуш, цигахь хилла Нохчийн Республикин туризман министр Байтазиев Муслим а, Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад а.

Республикин бахархошна а, хьешашна а, туристашна а башха хеташ йолу и объект куьце йалоран белхаш дӀахьош бу чоьхьара а, арара а туризм кхиоран декъерчу гӀуллакхийн гурашкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: