
«Клещеевка вайгахь а йу, иза дӀалур йолуш «АХМАТ» а йац«, — дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, вайн бӀаьхоша, мостагӀан хӀора а тӀелатар йуха а тухуш, дийно-дийно ларйеш йу Донецкан Халкъан Республикера и шахьар.
Вайн бӀаьхошца иза къуьйсуш, де-буьйса къастам а боцуш, хӀоразза а тӀелиеташ бу украинхойн нацисташ а, НАТО-н хьадалчаш а.
«Дийнахь а, буьйсанна а мостагӀца къийсам латто кийча бу вайн бӀаьхой. Цара иза гойтуш а ду«, — хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.