
Кубанан кхиаран зеделлачух пайда а оьцуш, Краснодаран крайхь бу Нохчийчоьнан векалш.
Куьйгаллехь Премьер-министр М.Хучиев а волуш, церан тахана цхьаьнакхетар хилла Кубанан губернаторца В.Кондратьевца а, цуьнан гӀовсашца а, меттигерчу цхьамогӀа министрашца а.
Дийцаре дина спортан а, туризман а, промышленностан а, хаамийн политикин а дáкъошкахь цхьаьнагӀуллакхашдар а, вовшашца йолу зӀенаш чӀагӀйар а, и.д.кх.а.
Вайн мехкан векалийн могӀарехь вице-премьер — финансийн министр С.Тагаев, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр А.Дудаев, промышленностан а, энергетикин а министр А.Хакимов, туризман министр М.Байтазиев, экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министр Р.Шаптукаев, физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министр Ӏ.Ибрагимов, кхиберш бу.