Краснодарехь маьждиг дарна оьшучу бакъ-кехатийн бух кечбан болийна

Краснодарехь маьждиг даран гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Ӏедалан векалийн а, Краснодаран крайхь болчу вайн махкахойн а цхьаьнакхетарехь.

Меттигера Ӏедал оцу балхана хӀинццалц само йеш ца хиллехь а, Нохчийн Республикерчу а, Краснодарерчу а Ӏеламнаха и гӀуллакх дийцаре деш дара.

ХӀинца цунна леринчу бакъ-кехатийн рогӀера гӀулч а йу йоккхуш — Краснодаран крайн бусалбанийн союз кхоллар.

Краснодаран крайхь волчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векала Хамзатов Сайд-Хьусейна билгал ма-даккхара, маьждигца доьзна гӀуллакх кхочушдарехь мел оьшуш долу гӀо-накъосталла Нохчийн Республикин куьйгаллера хир долуш ду.

Иштта, оцу крайхь вехаш 150-180 эзар бусалба стаг хилар а хаийтина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: