«Грозный» НПТРК а, «Кубань 24» телеканал а лерина йу вовшийн зеделлачух пайдаэца

Нохчийн Республикин коьрта ТРК «Грозный» а, Краснодаран крайн «Кубань 24» телеканал а лерина йу вовшийн зеделлачух пайдаэца а, цхьаьна проекташ кхочушйан а, и.д.кх.а.

Белхан гӀуллакхца Нохчийн Республикин векалш ГӀобане бахаран гурашкахь йаьккхина гӀулч йу иза.

Ч.Ахмадовс а, А.Руденкос а билгал ма-даккхара, вовшашца видеоконтент йекъа а, белхан зеделлачух пайдаэца а лерина йу ший а телеканал.

Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр А.Дудаев коьртехь а волуш, нохчийн векалша теллина «Кубань 24»-н болх.

Цул сов, оцу телеканалан серверийн болх тидаме а оьцуш, АСБ-хь а, студешкахь а хилла уьш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: