Кегийчу гIаланашкахь а, историн йарташкахь а бегIийла хьелаш кхолларан проекташлахь нохчийн 3 гӀала тоьлла

Владивостокехь дӀайаьхьначу «Кегий гIаланаш а, историн йарташ а кхиор» форуман гурашкахь жамIаш дина кегийчу гIаланашкахь а, историн йарташкахь а бегIийла хьелаш кхолларан тоьллачу проектийн Йерригроссин VIII-чу конкурсан.

Динчу жамIашца билгалваьлла Нохчийн Республикера 3 толамхо: 1) Гуьмсе; 2) Хьалха-Марта; 3) ТӀехьа-Марта.

Гуьмсе гIалин коьрта урам куьце балоран а, Хьалха-Марта а, ТIехьа-Марта а гIаланашкара хийистера садоIу меттигаш куьце йалоран а проекташ йу толамаш баьхнарш.

Даханчу шарахь гIалин статус йелла ТIехьа-Марта дуьххьара дакъалоцуш йара оцу конкурсехь.

Дуьххьара дакъалоцуш хиллехь а, цуьнан аьтто баьлла цигахь толам баккха.

Россин гIишлошйаран министерствон VI-VII-чуй конкурсашкахь толам баьккхина 7 проект республикин кегийчу гIаланашкахь хIинцале а кхочушйеш йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: