
ГӀобанан а, Нохчийчоьнан а векалша дийцаре дина туризмаца а, иза кхиорца а доьзна гӀуллакхаш.
Цул сов, туризман тӀаьхьалуонаш а йовзийтина вовшашна шина субъектан векалша.
Нохчийн Республикин туризман министра М.Байтазиевс ма-хаийттара, курорташ кхиорца доьзна Краснодаран крайн зеделларг шех боккха пайда болуш хир ду вайн махкана.
Цул сов, шина а субъектан туркомпанешна лерина хаамийн тураш вовшахтохар а айъина цхьаьнакхетарехь.
Эко-туризм, йуьртан туризм, туризман маршруташ алсамйахар — и гӀуллакхаш а къаьсттинчу тергонехь латтор ду.