Студенташа дипломаш схьаэцна

vdvpo_s_002

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствон а колледжехь даздаран хьолехь дипломаш дIаделира очни, заочни отделенийн студенташна. Верриге а 103 выпускник вара. Царна юкъахь сольни, хоран  йишлакхаран, музыкин гIирсаш лакхаран, хореографин кхолларалла, декоративни-прикладни искусствон корматаллаш караерзийнарг 72 ву, заочни отделенин библиотековеденин, социальни-культурни гIуллакхдан корматаллаш караерзийнарг 31  ву.

Колледж чекхъяккхарца уьш декъал а беш, оцу учрежденин директора М.Эдельсултановс элира: «Со тешна ву, кхузахь аш дешро дахарехь  шайн меттиг карон шун аьтто бийриг хиларх. Лаьа, цхьа хан-зама яьлча, дозаллица шайх лаьцна дика дош ала хьакъ долуш шу хуьлийла, культурин новкъахь аш кхиамаш бохийла. Тхо тешна ду, цхьа шераш дIадевлча, культурехь цIеяххана белхахой шух хирг хиларх».

Иштта, цо билгалдаьккхира, культурин, искусствон говзанчаша (колледжан хьехархоша) студенташ Iамо гIерташ дикка къахьегна хилар.

З.ЛОРСАНОВА

 № 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: