
Мехкан Правительствехь цхьацца хийцамаш барца доьзна Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман дехар къобалдина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь ша хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Хийцамашца а догӀуш, хӀинццалц Нохчийн Республикин бахамца, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн министр лаьттина Мацуев Висхан Нохчийн Республикин вице-премьеран — Йуьртан бахаман министран дарже воккхуш ву.
Цо хӀинццалц къахьегна дарж Невран кӀоштан префект волчу Бухадиев Мохьмадах тешош ду.
Шайга кховдийнчу даржашца а, керлачу декхаршца а уьш ларорг хиларх ша тешаш хилар хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.