Бакъволчу стагах повесть

Суна кхин цӀе дага а йогӀур йацара гӀараваьллачу хирургах Шепиев Хьусайнах лаьцна йолчу сайн очеркана тилла.

Цо йинчу 3 500 операцин 5-гӀа дакъа и шен ший а ког боцуш висинчу муьрана кхочу.

Дац кхин и сурт иштта ший а ког дӀабаьккхинчу, хӀаваан тӀемашкахь дакъалаьцначу Полевой Борисан турпалхочун, истребителан летчикан Маресьев Алексейн хьуьнарх тера?

Цу книгин цӀе а йара иштта – «Бакъ волчу стагах повесть». И цӀе ас, бух а, бакъо а йолуш, йуха тиллира нохчийн исбаьхьачу йуьртахь Сесанахь дуьнен тӀе ваьлла а, цигахь къахьоьгуш ваьхна а, дӀавоьллина а волчу турпалчу хирургах лаьцна йазйинчу сайн очеркана.

Кхолламо суна и вовзийтира ахбӀе шо хьалха Сесанахь, меттигерчу университетан студент волуш. Каникулашкахь дейиша Марем а, 7 йиша а йолчу сих-сиха воьдура со.

Марем цӀена охьадоьдучу Аксайн хина йистехь фински олучу цӀа чохь Ӏаш йара. Цуьнан могашалле хьажаран гӀуллакх шена тӀе а лаьцна, и йолчу сих-сиха вогӀуш вевзира суна Шепиев Хьусайн.

Мареман шен агӀор фамили Джургаева йара. Иза дуьххьарлера доьзалхо вара Сесанарчу эвлайаан Юсуп-Хьаьжин боккхачу доьзалехь.

Хьусайнна и кхин а лараме вара цо Хонкарара къийсамца цӀаверзийначу 1200 мухӀажарна йукъахь Хьусайнан дай а хилла хиларна.

Дуьххьара тхойшиъ вевзаш цо со оцу везачу эвлайаан Юсуп-Хьаьжин тӀаьхьенах хиларе терра къевллина маравоьллира.

Тхойшинан чӀогӀа доккха доттагӀалла тасаделира.

Оцу доттагӀаллин хьожа хӀинца а сан даг чохь йу, 60 шо хан дӀайаьлча а – и дӀакхалххалц. Амма иза гуттаренна а иэсехь висна, цӀеначу, сирлачу, доврдоцчу иэсехь.

Советийн Ӏедалан заманахь а цунна деллера «Сийлаллин хьаьрк» орденан совгӀат, иштта «Лаккхарчу говзаллин Хирург» диплом а дара цуьнан.

…Дешна бевла арахецначаьрца мединститут чекхйаьккхина диплом шен каракхаьчча (шераш дӀадевлча царна тӀе кхийтира Хьусайн), шен хьомечу Сесана йуха вирзира иза.

Цкъа мацах и йурт кӀоштан туьшан тӀегӀанехь йолуш, бакъонца хила мадеззара кӀоштан коьрта дарбанцӀа цигахь дара. Цу чу хирурган балха тасавелира Хьусайн.

Цо хаьржинчу говзаллица а, хӀетахь хиллачу хьолаца а дӀасатехка бакъо йацара. «Къона дерг даима ца хуьла аьрга» бохург гайта дийзира цуьнан. Зеделларг долу хирург жоьпалле хила везачу цу чӀогӀачу гурийн лехамех сиха вуьйлира Хьусайн.

Шен практикин белхан хьалхарчу деношкахь дуьйна шен болх безаш а, цунна тӀекхуьуш а хьанал къахьоьгура цо: Ӏемаш а, болх беш а, иштта, болх беш а, Ӏемаш а.

Цу хенахь со журналистан говзаллехь, гӀеххьа кхиъна йогӀучу бекъанах терра, и говзалла карайерзош вара. Эскарехь гӀуллакх дан виггалц ас болх бира Соьлжа-ГIаларчу телевиденин студехь. Амма цул хьалха сан дагна хьоме йолчу Сесанахь бехачу сайн гергарчу дуккха а нахера суна хезнера къоначу хирурге Шепиевга нехан болчу ларамах а, цуьнан белхан кхиамех а лаьцна. И бахьана долуш, сихонца съемочни тоба вовшах а тоьхна, цига лаьмнашка хьалавахара со.

…И дара 1964-чу шарахь. Сайн къоналлин шерашкахь ма-хиллара, хӀуманна йухавалар доцуш волчу ас сихаллехь вовшахтоьхначу сценарица дӀаболийра цу хенахь шен дахаран некъ дӀаболийна воллучу йуьртан лоьрах лаьцна фильм йаккхаран болх.

ЦӀеххьана оцу гӀуллакхна реза воцуш дуьхьал велира кӀоштан коьрта лор. Суна дика дагавогӀу иза. ХӀирийн къомах а волуш, цхьаьна а хӀуманна тӀехь йухавалар а доцуш, каде стаг вара иза.

– Ас хьуна бакъо ца ло веккъа цхьаьна Шепиевх лаьцна съемкаш йаха. И хӀинца а къона ву, йа ша гайтина а вац. Тхан больницин тобанна йукъахь цуьнчул а зеделларг алсамдолуш говзанчаш бу, стаж а йолуш, шайх лаьцна дийца хьакъ а болуш.

Ма-дарра аьлча, тхойшинна вовшийн ца хезира.

Иза суна арз эцна Нажи-Йуьртахула леллашехь, цара цхьа некъахьовзам бале со Хьусайнах лаьцна «Дахаран цӀе» («Огонек жизни») цӀе йолу фильм йаккха ларийра.

Цул тӀаьхьа оцу фильман кхоллам иштта хилира: телевиденис иза халкъан кхоллараллин цӀенна йоьхкира, ткъа цигарчу куьйгалхоша, кхин дукха ойла а ца йеш, йарташкахь болх бечу лоьрех лаьцначу фильмийн Йерригсоюзан конкурсана йукъайахийтира. Цигахь цо хьалхара меттиг а йаьккхира. И бахьанехь халкъан кхоллараллин цӀенна хьалхара преми а, 5 эзар сом мах болу немцойн «Адмира» кинокамера а йелира. Цу хенахь цу ахчанах чохь Ӏен цӀа эцалора.

Йуьртарчу лоьрах Шепиев Хьусайнах лаьцна йаьккхинчу фильман кхиамо кхин а чӀогӀа чӀагӀдира сан а, Хьусайнан а гергарло.

Бакъду, цул тӀаьхьа, кхолламо цхьацца агӀор дӀасакхоьссира тхойшиъ.

Ас дуккха а шерашкахь Йуккъерчу Азин пачхьалкхашкахь а, Казахстанехь а, Москвахь а белхаш бира.

Ткъа Хьусайна белхаш бира Къилберчу Кавказехь, цигахь, белхан говзанча ву аьлла, шен сийлахь цӀе йаккхийта а ларийра иза. КхидӀа долчу шерашкахь ша винчу Сесанахь къахьийгира цо.

Операци моссазза йо Шепиевн дашочу куьга кхаьчча шатайпа дайлора хирурган (скальпель) урс а. Оцу ханна кхо эзар сов операци йинера цо.

Делахь а, дахарехь дагахь доццург нисло, цхьанна а ца хаьа шена мичара хӀу тӀедогӀур ду. Иштта, Хьусайнна тӀебеанчу бохамо ког боцуш витира иза. Амма хиллачо ца вожийра. Ша шена чувоьлла ца Ӏаш, дархой дуьззинчу дахаре берзош шен хирурган болх дӀабаьхьира цо.

Амма тӀебогӀу бала ша цхьаъ ца богӀу олуш дайн кица ду-кх — дахарехь йуха а бохаме хьал тӀенисдаларца шолгӀачу когах а вала дизира Хьусайнан. Ткъа и шолгӀа ког а дӀабаьккхича, и баккъал а цуьнан белхан чаккхе йу моьттура. Амма кхидӀа «Бакъволчу стагах повесть» книгин шолгӀа том дӀайолайелира хӀинца шен турпалхо Шепиев Хьусайн а волуш, хӀунда аьлча, цо цул тӀаьхьа а, шен ший а ког боцуш, 500 стагана операци йира.

Хьалхарчу хьолехь Маресьев Алексей когаш дӀабаьхча а, йуха а тӀеман кеманан штурвала хьалха охьахаарца цо гайтинчу доьналло дерриге дуьне а цецдаьккхинера, ткъа шолгӀачу хьолехь долу дийцар, ший а ког боцуш висинчу хирурго шен карара урс (скальпель) дӀа ца хоьцуш гайтинарг а и санна долчу доккхачу турпалаллех ду.

Со тешна ву Маресьев санна шех туьйра (легенда) хилла волчу Шепиев Хьусайнан хьуьнарх лаьцна а книга йазйийриг хиларх. Дера цуьнан автор со хила тарлуш а ма ву. Цундела, цкъа хьалхарчу декъехь, «Дахаран цӀе – 3» сценари йазйийр йу ас, тӀаккха цуьнца фильм а йоккхур йу.

…Къастаран дуккха а шераш дӀадевллачул тӀаьхьа тхойшиннан хиллачу цхьаьнакхетарехь Хьусайна соьга ца дайтира ас кечдина доглазаран къаьхьа-къамел. Ша заьӀапчу нехан гӀудалкхахь вара аьлла доцуш, неӀсагӀи тӀера схьа хаза велакъажарца тӀеийцира цо со.

Даггара долчу хазахетарца серлайаьллера цуьнан йуьхь, самукъане забарш а йара йеш, дахар дезарца серладевллера бӀаьргаш а, и тоьшалла дара, и гӀелвелла воцуш, хьалха санна шен дахарх воккхаверан ламастехь вехаш хиларна.

Ткъа суна тIаккха дагадеара: «ХӀара ду-кх схьаэца масал, хӀара йу-кх вай тахана тайп-тайпанчу тӀегӀанехь кегийрхошца хуьлучу къамелашкахь йуьйцуш йолу синъоьздангаллин мехалла».

Шепиевн дахар – иза тоьшалла ду турпалхо цхьа а ца вийча а, стеган дахар йухадерзочух а хуьлуш хиларх. Ткъа Хьусайна шена хаьржинарг и шолгӀа некъ бара.

Джургаев Олег
Гочйинарг – МАДАЕВ Анзор

№52, шот, мангалан беттан 15-гIа де, 2023 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: