
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь, Нохчийн Республикера а волуш, 7 эзар сов бӀаьхо ву карарчу хенахь дакъалоцуш.
Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Вуьшта аьлча, тӀеман операци йолайелча дуьйна а лоруш, вайн махкара цига ваханарг 28 эзар сов стаг ву.
Царах 13 эзар сов стаг, бакъонаш ларйаран органийн белхахой а, эскархой а шаьш доццушехь, шайн лаам а болуш вахана ву.