Ӏашуран денца махкахой а, бусалбанаш а декъалбина Кадыров Рамзана

Кханалерчу Ӏашуран денца махкахой а, мел болу бусалбанаш а декъалбина Кадыров Рамзана.

Иштта, и дезде Ӏамалш йарца даккха аьлла, кхайкхам а бина цо.

«Сийлахьчу АллахӀа къинхетам а бойла вайх, Йалсаманица кхаъ а боккхийла!«, — йаздина республикин Мехк-Дас.

Цул сов, Мухьаммад ﷺ Пайхамаран суннатна тӀе а тевжаш, кхана марха кхабаре а кхайкхина цо бусалбанашка.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: