Кадырова Хадижат дакъалоцуш йу «Россия — Африка» саммит-форумехь

Санкт-Петербургехь дӀахьочу «Россия — Африка» саммит-экономикин форумехь дакъалоцуш йу Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькам Кадырова Хадижат.

Цо куьйгалла деш йолу Департамент, говзанчаша билгал а доккхуш, Россехь а тоьллачарах ларалуш йу.

Цул сов, Кадырова Хадижатан дӀадолорца дӀайаьхьна «Нохчийчоьнан бераша — Африкерчу берашна» гӀоьналлин акци.

Цуьнан гурашкахь гулделла ахча Африкерчу берийн хьашташна хьажийна.

Ткъа оцу саммит-форуман хьокъехь аьлча, цигахь дийцаре деш ду Россис а, Африкерчу мехкаша а цхьаьнагӀуллакхдар — йуьртан бахамехь, медицинехь, дешарехь, кхерамзаллин декъехь, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: