«Нохчийчоьнан бераша — Африкерчу берашна» акцин гурашкахь гулдинарг 12 млн ₽ сов ахча ду

«Нохчийчоьнан бераша — Африкерчу берашна» акцин хьокъехь дийцина Санкт-Петербургехь дӀайаьхьначу «Россия — Африка» саммит-форумехь дакъалоцуш хиллачу Кадырова Хадижата.

РИА Новости агентствона ша йеллачу интервьюхь цо билгал ма-даккхара, оцу акцин гурашкахь гулдинарг 12 млн ₽ сов ахча ду.

Цул сов, и ахча хьажоран агӀонаш а йовзийтина Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама — Африкерчу берашна кхачанан а, дешаран а сурсаташ эцарна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: