Пешаш меттахӀитторан белхаш дӀахьош бу «Чеченцемент» заводехь

Чуьйри-Эвларчу цемантан заводехь дӀахьош бу пешаш меттахӀитторан белхаш.

Уьш кеста дӀа а боьрзур бу, цемантан сурсаташ арахецаран болх дӀа а болор бу.

Иштта хаам бина Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама.

«Заводан куьйгалла а, белхалой а, де-буьйса аьлла а доцуш, жигара къахьоьгуш бу оцу декъехь«, — билгалдаьккхина министра.

Шеца цхьаьна «Чеченцемент» заводан коьрта директор Дудаев Шамхан а волуш, иза, пешаш меттахӀитторан болх а толлуш, предприятехь хилла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: