
Гвиней Республикин векалш лерина бу Нохчийчу бахка, иштта, вайн республикица зӀенаш тасарехь а, йукъаметтигаш лелорехь а къахьега а.
Иза билгалдаьлла оцу мехкан а, вайн республикин а векалийн хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Цигахь йийцаре йина экономикин, дешаран, могашалла Ӏалашйаран дакъошкахь цхьаьнагӀуллакхдаран агӀонаш.
И цхьаьнакхетар «Россия — Африка» саммит-форуман гурашкахь дӀадаьхьна ду.
Нохчийн Республикин векалийн куьйгаллехь вице-премьер Алханов Адам вара, ткъа Гвиней Республикин векалийн куьйгаллехь — Къоман кхеташонан куьйгалхо Курума Данса.