Адамаша сагатдечух ю цуьнан поэзи

 39601_600

    (Йинчу денца декъалйо Талхигова Роза)

2015-чу шеран 3-чу июлехь 50 шо кхаьчна нохчийн евзаш йолчу поэтессин Талхигова Розин. Дерриге а адамийн даима сагатдечух ю цуьнан поэзи. Иза безамах, ховхаллех юьзна  ю. Шен хьаьъна ойланаш йовзийтина Iаш яц Роза, цуьнан сирлачу кхоллараллин исбаьхьаллин тIеIаткъамо дешархой Iамабо нана, Даймохк, ша схьаваьлла халкъ деза.

1965-чу шеран 3-чу июлехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу яьлла Талхигова Роза. Дехойн схьабовлар Итон-Кхаьллан кIоштан  Гухой юьртара хилла. Делахь а, балхана, Iер-вахарна советийн заманахь гIалахь мелла а гIолехь хеташ, Соьлжа-ГIалахь сецна Розин да Шаид. Старопромысловски кIоштарчу Карпинка поселкехь хилла хинйолчу поэтессин кхиар а, школе яхар а. Школехь йолуш йолаелла иза байташ язъян. Дукха хьолахь оьрсийн маттахь язйо цо. Амма цуьнан лирически турпалхой нохчаллех буьззина бу. Дахарехь уггаре а коьртаниг яхь, доьналла, собар, гIиллакх-оьздангалла ю церан. Цундела мехала, хьоме ю вайна Талхигова Розин поэзи. Соьлжа-ГIалахь хиллачу «Пхьарматан суйнаш» цIе йолчу литературни цхьаьнакхетараллехь говзалла шарйина  поэтессас. Дукха жима йолуш еара иза гIалгIайн яздархочо Чахкиев СаьIида куьйгалла дечу цу литературни цхьаьнакхетаралле. «Хин долу хьоза бенахь дека»,- олуш цхьа кица ду вайнехан. Иштта поэт, яздархо волу Чахкиев СаьIид кхетта хиллера цу хенахь заза хеца хьаьгначу Розин корматаллех.  Самукъадаларца бора цо къоначу поэтессица болх. Тахана цо шен дуьххьарлера хьехархо лору гIалгIайн поэт Чахкиев СаьIид.  Цо гIо-накъосталла дина кхечира йо1, юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина,  Москварчу М.Горькийн цIарахчу литературни  институте.  Оьрсийн вевзаш волу поэт Лев Озеров вара кхарна цигахь лекцеш йоьшуш, говзалла караерзо Iамош. Институтехь доьшуш йолуш цуьнан ирс хилла алссам вайзаманан оьрсийн поэташ бовза. Цо  ца Iебаш ладегIна Евгений Александрович Евтушенкос, Андрей Андреевич Вознесенскийс, Изабелла (Белла) Ахатовна Ахмадулинас, Римма Федоровна Казаковас, иштта дуккха а кхиболчу бевзачу поэташа къамелаш деш. Цара Iамийна цунна, хIаваэхь нека ден олхазар санна, маьрша ойла хецна йита. Цаьргара схьаэцначу Iилмано кхиийна синондалла ю поэтессин кхолларалла философин хьесашца юцуш, дахаран аьзнех юзуш ерг. Мегар дац Талхигова Розин поэзи, зударийн поэзи ю аьлла, юьстаха татта. ХХ–ХХI-г1ий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина къизаллаш ялхош, нуьцкъала дека поэтан аз.  Шена гинчух, ша лайначух, хIоранна хIусаме хIоьттинчух яздеш хиларе терра, говза сурт хIоттадо цо, дешархойн патриотически ойланаш самайохуш. Чекхбаьллачу буьрсачу тIеман къаьхьа кад, хи ма хIутту,   ша мелла  яра Роза. Цуьнан хIусамда – Нохчийчохь вевзаш хилла журналист Давлетукаев Висхан  – тIепаза, лар йоцуш вайна чекхбаьллачу тIамехь. Ши йоI шен кхио дийзира Розин. Массарна санна,  хала дара цунна. Амма цхьанна, цкъа а ца яйнера иза леткъамаш беш, шегара бала балхош. Махкахь бохамаш дебначу муьрехь шен  цхьаьннан дагна Iаьткъина лазамаш балхор тамехь ца хеташ,  собарца садеттара Розас. Иза даима массаьрца елаелла-екхаелла яра. Уггаре а халчу хенахь балха араяьлла, хьанал къахьийгира «Вайнах» журналехь. Цул тIаьхьа адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратехь. Миччанхьа къахьегарх а поэзица долу гергарло  херлуш дац цуьнан. Иза хаддаза болх беш ю керла поэтически могIанаш яздеш. Зорбане яьлла масех гулар ю Талхигова Розин. «Оглянувшись в листопад», «Я не стану другой», «Утреннее эхо», «Восхождение к корням».

2002-чу шарахь дуьйна Россин яздархойн союзан декъашхо ю поэтесса. «Даймохк» газетан редакцин ерриге а коллективан ц1арах оха декъалйо Роза йинчу денца. Даггара лаьа ша сатуьйсучу дикане Дала иза кхачайойла!                        ***

Белшаш тIе южур ю, кортали санна,

Цаехна и цхьалла, дIатоттуш гуо.

Кхечаьргахь ойла яц, ларамза ган а,

Иэс соьца долуш ду, ткъа цуьнца хьо.

 

Ца оьшу кхечуьнца ларамза уьйраш,

Мел чIогIа схьахьежарх, дIатотту и.

Йиц ца ло вайшиннан тIаьххьара суьйре,

ГIийла хьан хьажар а… БIаьргашца хи.

 

И дара хьан бIаьргийн лазаман тача,

Экамчу синах цIе латийра цо.

Безаман сан йовхо хьан даге кхачарх,

Аьхкенца шел а луш йисира со.

 

(Гочйинарг –Х.БОРХАДЖИЕВ)

 

ГАЗИЕВА АЗА

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: