1 879 кост-дехар теллина регионашкахь а, ФО-хь а йолчу НР-н Мехк-Ден векалаллийн белхахоша

Россин тайп-тайпанчу регионашкахь бехачу нехан 1 879 кост-дехар теллина Россин регионашкахь а, федеральни округашкахь а йолчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалаллийн белхахоша.

Царах 1 497 кост-дехар кхиамца кхочушдина, 187 кост-дехаран хьокъехь кхетор дина, 21 кост-дехар, шайн балхаца догӀуш цахиларна, дӀатеттина, ткъа 174 кост-дехарна тӀехь беш болх бу.

И болх карарчу мангалан баттахь бина бу цара.

Белхан меттигаш нисйарца а, могашалла lалашйарца а, хӀусамашца доьзна кхачамбацарш дӀадахарца а доьзна хуьлу вайн республикин Мехк-Ден векалшка кхочу дехарш.

Билгалдаккха догӀу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалша Россин субъекташца а, федеральни округашца а Нохчийчоьнан культурин, Ӏилманан-техникин, махлелоран-экономикин зӀенаш дӀатасаран а, кхиоран а декъехь къахьоьгуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: