Кадырова Хутмат: Россерчу реабилитологийн рогӀера кхеташо Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур йу

Россерчу реабилитологийн рогӀера кхеташо Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур йу 2024-чу шеран йуьххьехь.

Кадырова Хутмата Москвахь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.

Россерчу реабилитологийн союзана куьйгалла а деш, РФ-н могашалла Ӏалашйаран министерствон медицинин реабилитацин коьрта говзанча йолчу Иванова Галиница дара НР-н Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовсан — могашалла Ӏалашйаран декъан кураторан цхьаьнакхетар.

Иштта, цигахь дакъалоцуш вара РФ-н Президент волчохь НР-н даима а волу векал Таймасханов Бекхан а, Н.Пироговн цӀарахчу Туьшан медицинин реабилитацин клиникин куьйгалхо Дамиров Вадим а.

Республикехь медицинин реабилитаци кхиоран гӀуллакхаш дийцаре дира цигахь.

СВО-н дакъалацархошна реабилитаци йаран болх Нохчийчохь лаккхарчу тӀегӀанехь дӀабахьар а айъира.

И белхаш дӀабахьарехь доккха гӀо-накъосталла деш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера фонд хиларна тӀе тидам бахийтира Кадырова Хутмата.

Ткъа Иванова Галинас билгал ма-даккхара, медицинин реабилитацица доьзна Нохчийчоьнан зеделларг Россин регионашкахь а пайдаэца хьокъала доллуш ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: