Спортан а, туризман а «Open Chechnya» фестиваль дӀайаьхьна

Баханчу беттан 28-31-чуй деношкахь дӀайаьхьна спортан а, туризман а фестиваль — Open Chechnya.


Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министерствос.

Россин 62 регионера 200 сов дакъалацархо вара оцу фестивалехь.

Царна лерина спортан ловзарш а, туризман къийсадаларш а, чоьхьара туризм кхиоран тренингаш а йара фестивалан гурашкахь.

Цул сов, Кегийрхойн проектийн йерригроссин конкурс а дӀайаьхьира, 50 проектах 10 чекх а йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: