ГӀой-Чуьрчу Культурин цӀенна керла гӀишло йеш йу

Хьалха-Мартан кӀоштан ГӀой-Чуьрчу Культурин цӀенна керла а, кхузаманахьлера а гӀишло йеш йу.


Белхалоша билгалдаккхарехь, «Культура» къоман проектан гурашкахь йеш йолу и гӀишло 70%-на кийча йу.

Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Ӏайшатан дӀадолор ду оцу проектана йукъа и гӀишло йахийтар.

Йаран белхаш дӀабирзинчул тӀаьхьа хир йу цу чохь бераш ловзаран а, хореографин а, театран а, эстрадин а чоьнаш.

Цул сов, библиотека а, лоьран чоь а, барзакъаш Ӏалашдойла а чу чохь дӀатарйийр йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: