
Керлачу бакъонашца йогӀучу киншкашца республикерчу ишколашна 100% кхачойаран болх карарчу 2023-чу шарахь дӀабоьрзур бу.
Оцу хьокъехь хаам бина Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.
Цо билгалдаккхарехь, керла киншкаш нохчийн маттана а, литературина а лерина хир йолуш йу.
Уьш арахецаран болх а толлуш, «Грозненский рабочий» типографехь хилла министр.