
Туризман а, спортан а «Къоьзан-Ӏам» комплексехь деш ду 150 лоьмарна лерина керла хьешацӀа.
7 блоках лаьтташ хир ду иза: 1 блок — 8 гӀатт долуш, 2 блок — 7 гӀатт долуш, 1 блок — 2 гӀатт долуш, 3 блок — 1 гӀатт долуш.
Йукъарчу лехамашца йогӀуш 124 лоьмар а, 38,5 м² йолу 18 апартамент а, 80 м² йолу 6 апартамент а, заьӀапхошна лерина 2 лоьмар а, 2 терхи а хир йу цу чохь.
Цул сов, 2 бассейн, сауна, хамам, маникюран а, педикюран а чоьнаш, зударийн а, божарийн а спортан залаш, бераш ловзаран чоь, и.д.кх.а хьелаш хир долуш ду.
88 а, 174 а меттигна лерина 2 ресторан а, 108 меттигна лерина аьхкенан кафе а хир йу.
ХьешацӀа даран белхаш 2024-чу шеран чаккхенехь — 2025-чу шеран йуьххьехь дӀаберзо лерина.