Ибрагимов Канта, экономически Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, Нохчийн Республикин халкъан яздархо, вина 1960-чу шеран июль беттан 9-чу дийнахь Шелахь вевзаш волчу Iилманчин, химин Iилманийн докторан, Нохчийн Республикин Iилманийн академин дуьххьарлерчу президентан Ибрагимов Хьамзатан доьзалехь. Юккъехула аьлча, кхоъ Iилманийн доктор кхиъна Хьамзатан доьзалехь: Леча – технически Iилманийн, Куьйра – юьртабахаман Iилманийн, Канта – экономикин Iилманийн. Профессор, Iилманийн кандидат ю церан йиша Байза а.
1977-чу шарахь Кантас чекхйоккху Соьлжа-ГIалара №2 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа доьшу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан экономикин факультетехь. Iилманан хаарш лакхадоху К.А.Тимирязевн цIарахчу юьртабахаман академин аспирантурехь а (1987–1989 ш.ш.), оццу академин докторантурехь а (1994–1996 ш.ш.). Белхаш бина Шела районан «Джалка» совхозехь, тайп-тайпанчу Iилманан-производственни учрежденешкахь, Нохчийн пачхьалкхан университетехь, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель ву.
Иттаннаш Iилманан белхийн, исс романан («Прошедшие войны» – 1999, «Седой Кавказ» – 2001, «Учитель истории» – 2003, «Детский мир» – 2005, «Сказка Востока» – 2007, «Дом проблем» – 20I0 «Аврора» – 2011, «Академик Петр Захаров» – 2013, «Стигал» – 2015) автор ву К.Ибрагимов. 2004-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик хоржу иза, оццу шарахь Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хуьлу Ибрагимов Кантех (литературин а, искусствон а декъехула).
Вина де тIекхачале цхьа-ши де хьалха юбиляран тхан корреспондентаца хилла къамел довзуьйту оха шуна.
– Кхиаме Iилманча, Iилманийн доктор, юха цIеххьана, хьуна хьайна-м иштта ца хилла хила а тарло иза, литературин новкъа валар муха нисделира? ХIун дара оцу новкъа хьо теттинарг?
– Ахь нийса билгалдаьккхира, суна сайна иза, билггал а бакъ долуш, ахь ма-боххура «цIеххьана» дацара. Дешархошна тамашийна хеташ хир ду, зорбанехь гучудаьлла цхьа а дийцар доцуш волу К.Ибрагимов йоккхачу романан автор санна гучувалар. Жима волуш дуьйна а чIогIа яздархо хила лууш вара со. Литература дукхаезаш вара, дукха книгаш а йоьшура. Иштта олуш тамашийна хетахь а, мацца а цкъа со оцу новкъа вер вуй хууш а, Дала делла яздархочун похIма сайгахь хиларх тешна а вара. Нийсса аьлча, Iилманехь болх бар а, оцу новкъа валарна беш кечам хетара. Яздархо хила дуьне довзар а, кIорггера хаарш хилар а оьшу. ХIинца кхета со, Iилманехь болх бина ца хиллехьара, сайга и романаш язлург цахиларх. Доцца аьлча, сан даго лоьхург ду-кха литературин декъехь болх бар. Дийнахь а, буса а, билггал цунах самукъа а долуш, къахьоьгуш а, къахьега кийча а ву. Вуьшта аьлча, литература сан дахаран коьрта гIуллакх ду.
– Iилманехь а санна, кхиаме хилла ахь литературин хьаьрмахь къахьегар а. 1999-чу шарахь дуьххьарлера роман араяьллачу хенахь хьуна дагахь а хилла хир дац цунна тIаьхьа кхин а 8 роман хир ю бохург. Амма и дахаран бакъдерг ду – ешархоша а, литературин критико а дика тIеэцначу 9 романан автор ву хьо. И боккха болх бу. ХIун ду оцу кхиаман бухахь лаьттарг: похIма я, мало йоцуш, къахьегар? Муха лараво те, боху хаттар хIутту-кха хьалха. ХIун ду хьуна иштта каде болх бан ницкъ лург?
– ПохIма ца хилча-м дан хIумма а дац. Амма мел доккха похIма хиларх а пайда бац, къахьегар дацахь. Хьан хаттарна жоп луш аьлча, со оцу кхиаме кхачийнарг 99 процентана къахьегар ду, дийнахь а, буса а, мало йоцуш, къахьегар. 100 сов процентана и гIуллакх дезаш хилар а ду. Язъеш волу стаг, набаро Iехийначу заман чохь доцург, ойланца болх беш хуьлуш ву. Къаьсттина кеманца дIаса воьдуш хазахета суна, генна некъ белахь-м муххале а. ЧувогIуш, араволуш стаг а воцуш, цхьаммо хье а ца веш, болх бойла хуьлу хьан. Юха цIа кхаьчча, айхьа ойланца литтинарг кехат тIе даьккхичхьана волу. Ас лакхахь ма-аллара, Iилманехь болх бар а карийна суна. Iилманан балхо хаарш кIаргдарца цхьаьна, хIума лаха а, талла а, карийнарг литта а, цхьана низамехь болх бан а ма Iамаво. Цхьана дашца аьлча-м, дерригенан бухахь а къахьегар ду хьуна.
– Тахана яздархочун, литературин декъехь Россин Пачхьалкхан совгIатан лауреатан Ибрагимов Кантин цIе дика евза Россин литературин гуонашкахь а, цуьнан дозанел арахьа а. Хьан хIора роман а литературин хилам санна тIеэцна. Хьуна хьайна царех уггаре а озабезаме ерг муьлхарг ю?
– Дега я нене хьайн доьзалхойх цхьаъ къаставе бохург санна ду иза. Царна царех муьлхха а – диканиг а, вуониг а – цхьатерра хьомсара ма ву. Иштта ду яздархочунна шен книгех дерг а. ХIора роман а шатайпа озабезаме ю суна, царех хIораммо а шен-шен лар йитина даг чохь. «Чекхбевлла тIемаш» роман яздархочун некъан юьхь йолор дара, шатайпа зиэр, хуьлу сох яздархо я ца хуьлу бохург. Оццул айса сатийсинчу новкъа валар дара. «Къоьжа Кавказ» автобиографични хиларца гергара ю. «Берийн дуьне» тIеман хиламийн ирчачу шерашкахь вай лайнарг ду. Ас а ца яздича, хIара хьан яздийр ду бохучу ойланца язйина ю иза. ТIаьххьарлера «Стигал», кхин хIумма а ца хилча а, цу юкъа яхийтинчу Зебех повестаца дагна уллера ю. Суна юххера вевзинчу, билггал хиллачу стеган васт ду иза, шех роман язъярх а сов хир доцуш. Бакъду, сан романашлахь ша къаьсттина меттиг дIалоцуш ю «Академик Петр Захаров». Иза вайн тахане а, кхане а ю. Ойла ехьа, мел дукха къаьмнаш ду Кавказехь, вайн къомал даккхий а, кегий а, амма ши бIе шо хьалха живописан академик ма вац царех цхьаьннан а. Дозалла дац иза. Сулейманов Ахьмада ма-аллара, ишттачу цIераша (къонахаша) деш ма ду къомах къам. Атта язйина произведени цхьа а яц, ешархоша церан мах хадор а тайп-тайпана хир ду, амма, шайна тIехь хийла наб йоцуш буьйса язйъина, иэсехь ойланийн уьйригаш литтина, ас а ца яздахь, яздаза дуьсурий те хIара бохучу ойланца язйина уьш, суна, шайх цхьа а дIататта йиш йоцуш, хьоме ю. Цхьанге-цхьанге дIахазахьара бохуш, диттина сан мохь-цIогIа ду. Муьлххачу яздархочунна а шен белхаш иштта гергара хетий а хаьа суна. Ткъа ешархойн-м шайн ойла хир ю царех, иза церан бакъо а ю.
– Исбаьхьаллин маьIна долу стихотворени я жима дийцар яздан а дац атта. Цунна похIма хилар а, чу садиллина, къахьегар а оьшу. Роман язъян-м шерашкахь болх бан беза. Хьо и къахьоьгуш ву. ЦIарна а хьуна и оьшуш дац, хьал-бахам деборна-м муххале а. Делахь хIета, хьо тешна ву-кха исбаьхьаллин литературо къоман дахарехь билггал цхьа доккха маьIна лелош хиларх.
– Ву. Литература дахаран куьзга ду, олуш ду-кха. Цунна тIе тоха мегар ду, литература муьлххачу къоман дахаран бух бу бохург. Литературехула девза вайн къам кхечу къаьмнашна, делахь хIета, вайн къомах харц я бакъ ойла кхоллаялар а литературехула хуьлу. ДIадаханчу бIешерийн къоман дахаран зеделларг довзийтар а, таханлерчу дахаран бакъдерг тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIакхачор а, къоман синхьаштийн лехамашкахь къона чкъор кхиор а литературехула хуьлу.
Йоьшуш стаг ца хилча, литература стенна оьшу олу.Тахана йоьшуш верг итт стаг бен вацахь а, оьшуш ю. Тахана ца эшахь, кхана оьшур ю, яздинарг дуьсуш ду. Къам хиларан бух хуьлу цунах кхана.
Оцу бакъдолчух тешар ду-кха суна сайн кхоллараллехь ницкъ луш дерг. Хьо аларх тешар вац, хьалхарчу еа романах хIора а («Берийн дуьне» цIе йолчунна тIекхаччалц) и чекхъяккхаза со валарна кхоьруш, Деле доIица хан яхъяр доьхуш, айса яздан леринарг яздаза дисарна кхоьруш язйина-кха ас. ЦIарна, бохчанна-м хIумма а дац хьуна, айхьа лелориг хьуна хьайна деза-доккха хетар ду коьрта.
– Нохчийн Республикин яздархойн союзан куьйгалхо хиларе терра, хьоьга ца хаьттича нийса хир дац Яздархойн союзан Iедалца йолчу юкъаметтигех. Яздархошна Iедал я Iедална Яздархойн союз, хьанна мила алсам оьшу?
– Муьлххачу Iедалан а коьрта Iалашо къам лардар, адамийн Iер-дахаран хьелаш тодар, къоман кханенан гIайгIа бар ю. Къоман кхане хуьлийла дац цуьнан шатайпа культура ларъелча бен. Литература къоман культурин уггаре а мехала дакъа хиларх кхеташ, къоман дахарехь цо лелочу маьIнин мах хадо хууш ду республикин таханлера Iедал. Ша аьлча, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Оцу кхетаме хьаьжжина ду Нохчийн Республикин куьйгалло Яздархойн союзан гIо лацар а. Цунна тоьшаллаш лоьхуш къахьега а ца оьшу. Сурт санна къагийна, тойина тхуна схьаелла хIара гIишло гой хьуна? Къамел дац-кха хьуна, Кадыров Рамзан ца хиллехь, хIара тхуна хирг цахиларан, дукха нах бара кхунна цергаш хьекхош. ХIора шарахь арахоьцуш 30–40 книга ю, дуккха а яздархойн Iер-дахаран хьелаш тодеш гIо дина. Кхин цхьа масал а ду хьуна. Россин Пачхьалкхан Думин куьйгалхо С.Нарышкин коьртехь а волуш, кхоьллина ю Россехь Литературин шо дIадахьаран вовшахтохараллин комитет. Верриге а виъ яздархо бен вац цуьнан декъашхошна юкъахь. Царех цхьаъ Нохчийн Республикин Яздархойн союзан куьйгалхо ву. Сан хьуьнарна ма дац иза. Россин лаккхарчу Iедалан вайн республикин Куьйгалхочуьнга лерам хилар ду. Дукха нисло Россин культурин деятелийн, яздархойн, Iилманчийн делегацеш кхечу пачхьалкхашка тайп-тайпанчу конференцешка, гайтамашка хьовсор. Наггахь делегаци ца хуьлу шайна юкъахь Нохчийчоьнан векалш боцуш. Цуьнан бахьана а ас лакхахь хьаххийнарг ду.
Тхешан иштта терго ярна гIуллакхца жоп дала а гIерта. Вуьшта аьлча, къоман кхане хилийтаран дуьхьа Iедало дIакхоьхьучу некъан тешаме накъостий ду-кха тхо.
– Кестта 55 шо кхочу хьо дуьнена ваьлла. Дукха хан яц иза, дахаран некъан юкъ лара мегар ду-кха. Оцу муьрехь Iилманехь а, литературехь а хьо дан ларийнарг дагардан воьлча, кIезиг дац. Делахь а, стага ша хадабо шен мах. Хьан дагчохь хIун ойланаш кхуллу оцу терахьо?
– Уьш-м терахьаш бен дац. Цхьана стеган дуьхьа хуьлда иза я дийнна къоман, мехкан дуьхьа хуьлда, ахь цхьа пайде гIуллакх деш чекхдаьлла хIора де а дезде ду. Суна Дала делла кхо хIума ду: могашалла, похIма, дайша суна тIе кхаччалц цIена ларйина цIе а. Оцу Дала сайна деллачунна хастам а беш, бахьанаш лелош, кху дийна схьавеана со. Ахь ма-аллара, хIара некъан юкъ а лерина, жамI деш санна, юхахьаьжча, суна со эрна ваьхна ца хета. Баккъал бакъ а долуш, ас юьххьехь ма-аллара. суна уггаре чIогIа лиънарг, ас Деле доIица дехнарг яздархо хилар дара. И лаам сан кхочуш хилла. Айса лелийначу бахьанашца Дала и сайн лаам кхочушбарна, суна со ирс долуш а хета. Дала ша лоьхучу ирсе массо а кхачавойла-кха!
– Баркалла, Канта. Оха даггара декъалво хьо вина 55 шо кхачарца.
Къамел дIаяздинарг – Хь.АБОЛХАНОВ
№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо