
Мехкан хӀусамийн-коммунальни бахаман гӀишлошйаран дáкъа кхиоран стратегина йукъахь дакъалацарца а догӀуш, Кадыров Рамзан Баркаллин кехатца билгалваьккхина Путин Владимира.
Белхан гӀуллакхца республикехь волчу Чайка Юрийс схьаделла и Кехат.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цо билгал ма-даккхара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь долу Ӏедал Нохчийчоь кхиоран декъехь къахьоьгуш ду.
Делахь а, таханлера кхиамаш боьзна бу Россин Федерацин Президента а, федерацин Ӏедало а жигара гӀо-накъосталла деш хиларца.