«ARMY 2023» форумехь дакъалоцуш бу Гуьмсерчу РУС-н векалш

Коьртехь Вайханов Байбетар а волуш, Гуьмсерчу Россин спецназан университетан (РУС) векалш бу дуьненайукъарчу тӀеман-техникин «ARMY 2023» форумехь дакъалоцуш.

Россин гӀаролан промышленностаца йоьзна 1 500 гергга предприяти йу цигахь шайн сурсаташ а, гӀирсаш а, техника а йовзуьйтуш.

Цул сов, изза болх беш йу 7 махкара 85 компани а.

РУС-н векалша толлуш ду керла герзаш, бӀаьхойн барзакъаш, техникаш.

Цу тӀе, герзаш даран компанешца цхьаьнагӀуллакхашдаран хьокъехь берташ беш а бу цара.

Вайханов Байбетара билгал ма-даккхара, ишттачу форумашка дӀасабаха а, оьшшуш болу берташ бан а РУС-н белхахой йиш хилар Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана терго а, накъосталла а деш хиларца доьзна ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: