
Баханчу беттан 31-чохь дӀа а болош, карарчу беттан 9-гӀа де кхаччалц божаршлахь дӀабаьхьира шахматашкахула йолчу Россин кубкан рогӀера мур.
ГӀобанерчу Джугба гӀалахь дӀабаьхьначу цигахь дакъалоцуш Нохчийчоьнан 2 векал а вара: 1️⃣Саидов Билухьаьж; 2️⃣Бимиев Ахьмад.
Муьран жамӀашца а догӀуш, Саидов Билухьаьжа 8-гӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бимиев Ахьмада — 10-гӀа меттиг.
Цуьнца а догӀуш, и ший а дакъалоцуш хир ву Россин кубкан финалехь.