
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхачарна лерина а болуш, авторийн байтийн къовсам дӀакхайкхийна Нохчийчохь.
Вайн мехкан физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствон дӀадолор ду иза.
Къовсамехь дакъалацаре кхойкху 14 шарера 35 шаре кхаччалц болу бахархой.
Церан белхаш карарчу беттан 15-22-чуй деношкахь схьаоьцур бу хӀокху mdm_odnv@mail.ru адресца.
➡️ЛЕХАМАШ: ▪️мотт: нохчийн а, оьрсийн а; ▪️барам: 70 могӀане кхаччалц.
Шайн белхашца цхьаьна авторан цӀе а, памел а, ден цӀе а, иштта, хан а, тилпон лоьмар а йовзийта йеза.
Толамхошна мехала совгӀаташ а, грамоташ а лур йу.